Нана мохк йовсарша бухкучу дийнахь К1иллой шай къамелах бухучу дийнахь Лай хила реза верг лай хуьлчу дийнахь Борз хилла г1аьтти хьо яхь йолу Нохчо. Мостаг1чо вай латта хьоьшучу дийнахь Вай наной вай йижарий боьлхучу дийнахь. Г1азоте къонахи кхойкхучу дийнахь Борз хилла г1аьтти хьо къонаха Нохчо. Алонехь г1аланаш йагучу дийнахь Ярташкахь х1олламаш дебачу дийнахь Къизалло къома дог шелдинчу дийнахь Борз хилла г1аьтти хьо Турпала Нохчо. Бо-берийн аьзнаша кхойкучу дийнахь Балано вай лаьмнаш кхоьлинчу дийнахь Тезетахь нана -мохк боьлхучу дийнахь Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо. Къематде х1оьттича хьо винчу махкахь Чов хилла 1овжамо багийча кийра Буьрсачу къийсамехь чаг1алкхаш ата Борз хилла г1аьтти хьо сий долу Нохчо. Хьай сил а даздина дихкина г1азот, Хьай сил а йазйина даймехка маршо, Мангало каьс санна мостаг1ий эгош, Борз хилла лийти хьо сий Долу нохчо Йовсарий арданга каьрчийна ц1ийла Х1аллак-йеш отуш и ягийна ц1ергахь Турпала къонахи хьакъ болчу махкахь Толамца вирзи хьо сий долу Нохчо...

Теги других блогов: Кавказ Нохчо местность